Категории
Самые читаемые
onlinekniga.com » Проза » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 111 112 113 114 115 116 117 118 119 ... 167
Перейти на страницу:
некъ гойтуш хьалхаваьлла цIорхо Мишхиев, шамхойн тайпанан цхьа стаг. Чевнаш йина: Дагестански полкан йолхалгIачу сотнин командирана ротмистрана Донагуловна йиъ чов йина, оцу сотнин пхеа дошлочунна а, Теркан милицин милиционерана Козловна а чевнаш йина. Итт говр йийна, йеанна чевнаш йина.

ТIеман дакъалацархоша дийцарехь, цхьа обарг вийна, цхьанна чов а йина. И ший а накъосташа шайца дIаваьхьна.

Несара округан

начальникан гIоьнча

ХХ корта. Халкъан кIант

ДоттагIий уьш бу-кха, вайн гIоьмаш шайн коча эцнарш…

Хисроу

1

Iассан тIай тIехь хиллачу тIеман жамIаша карзахваьккхинера инарла Михеев. ХIара тIаьххьара операцин кхоллархо а, цуьнан коьртехь хилла а эла Андронников вийна. Кхин масех эпсар а, ах бIе сов салтий а, гIалагIазкхий а байъина. Чевнаш хилларш кхин а дукха бу. Бaйъина а, чевнаш хилла а дегIастанхой, кхиболу туземцаш цо хьесапе а ца оьцу. Андронниковн уггар йоккха дегайовхо хилла ротмистр Донагулов? Массарна а хаьа, Зеламхас иза, ца вуьйш, чов а йина, хIунда витина! Боьршачу стеган уггар дозаллин меже а аьтта, витина! Иштта дийна вуьсучул, веллехь гIоли йара цунна. ХIинца дуьненан самукъанах дIахаьдда иза.

Инарла карзахваьккхинарг кхин дара. Андронниковн хьехамех а тешна, цунна тIе а тевжина, наместникана ша делла дош, шен коча эцна тIелацамаш а. ХIинца цунна дуьхьал муха хIотта веза иза? Йалх разбойнико а, цхьана бератIорзано а йухабаьхна рота салтий, гIалагIазкхийн а, дегIастанхойн а дошлойн ши бIо! Йухабаьхна ца Iийна. Оцу ворхIанна хьалхара эхье бевдда. Шен ирс ду веллачу Андронниковн. Дийна висинехь, оцу эхьан сет тIехь лело дезара цуьнан ша велла дуьненара дIаваллалц!

Шен кабинета чуьра дIа йолчу неIарехула зала чу а ваьлла, хьаьжайукъ хабийна, бурсане хьаьрса цIоцкъамаш а дусийна, дуткъий балдаш тIеттIа а таIийна, вахана, стоьла улло дIахIоьттира иза. Начальник чувеача, хьалагIевттира зала чуьра нах. ГIалгIайн йартийн йуьртдай, имамаш, къеданаш, халкъо лоруш болу къаной а. Михеевс, вист а ца хуьлуш, охьаховша аьлла, куьг ластийра цаьрга. ТIаккха царна тIехула оьгIазе бIаьрг туьйхира цо. Холхазан куйнаш, туркойн песаш, Iаьрбийн чалбанаш. Детица бустамаш кхелина гозарш йолу машин чоэш, исхаран, атлазан гIовталш, башлакхаш. Iаьржа, кIайн, цIен гIина диллина а, йехий, йоций, шуьйра а мажош. Тайп-тайпана тодина мекхаш.

Зала чохь тийналла хIоьттича, парггIат, буьрсса къамел долийра Михеевс:

– Цуьнан Воккхалло паччахьо, цуьнан Iедало, пачхьалкхо тешам белла йуьртдай, имамаш, къеданаш хIиттийнера шу йарташкахь. ШолгIа, шайн къомах, цуьнан кхолламах жоп дала дезаш, цунах дог лаза дезаш, иза бохамех лардан декхар долуш, халкъан баьччанаш ду шу. Амма паччахьна а, халкъана а хьалха шайн декхарш кхочуш ца дина аш. Паччахьна а, халкъана а хьалха зуламе ледарлонаш йийлийтина аш. Шун дехаршца гIалгIайн халкъана тIера дуккха а пачхьалкхан декхарш дIадаьхна Iедало. ГIалгIашна бакъо йеллера гIалагIазкхийн махкахь латта лело а, цигахь баха а. ТIаьххьара а, шу реза долу Андронников шун округан начальник хIоттийра. Аш тIелаьцнера пачхьалкхан законаш лера а, кхочушдан а, пачхьалкхан декхарш такха а, шайн махкара зуламаш совцо а. Амма уьш а, пачхьалкхана хьалха кхин дуккха а шайн декхарш а аш кхочуш ца до. Мелхо а, дуьхьалдевлла. Шайна тIера пачхьалкхан хьалхалера декхарш гечдича, керланаш а шайна гечдийр ду моттахь, Iехаделла шу. Цхьа кепек а гечдийр дац. Аш тIелаьцнера шайн махкахь зуламаш совцо. Уьш, мелхо а, алсамдевлла. Гобаьккхина талораш, къоланаш ду. Некъашкахула оьрсий дIасабаха ца буьту, лечкъабо, бойу. Зеламха а, цуьнан разбойникаш а шун йарташкахь хуьлу. Уьш шайн йарташка ца буьтучу меттана, мелхо а, ларбо аш. Ши де хьалха Iассан тIай тIехь Андронников отрядана кIело йинчу Зеламхица пхи гIалгIа хилла. Уьш пхиъ а, кхиболу гIалгIайн разбойникаш а муьлш бу, хаьа шуна. Муха ца хаьа, шун хIусамашкахь буьйсанаш йохуш а, аш царна герз а, даар-малар а латтош хилча. Шайна тIера пачхьалкхан декхарш дIатакха ши кIира хан йу шуна. И хан чекхйалале аш декхарш ца такхахь, ас, йарташка эскарш а дахкийтина, керташкара даьхни, сал-пал нуй хьаькхна дIадохьуьйтур ду шун. ТIе, шуьга кхабийта йарташка салтий а хIиттор бу. Оццу хенахь шайн коьрта разбойник Саламбек а, Iacca тIай тIехь Зеламхица хилла пхи разбойник а схьа ца лахь, мацца а цкъа Зеламхин а, цуьнан разбойникийн а лар чуеана йарташ чим беш йагор йу, цигара бахархой Сибрех бохуьйтур бу. Цаьрца цхьаьна Сибрех бохуьйтурш шуна йукъахь хила а мега. ХIинца тIаьххьара а. Шу дерриг а шайн даржашкара дIадоху ас. Шун меттана кхин хIиттор бу. Мелла а хьекъаленаш. Шайн декхарш цкъачунна шайн гIоьнчашна тIедахка.

Михеев, кхин вист ца хуьлуш дIа а хьаьвзина, нийсса гIулч йоккхуш, вахана, ша зала чувеанчу неIарехула къайлавелира.

ГIалгIайн тхьамданаш, дегнаш доьхна, йарташка бирзира…

2

Ша тоьхна ши кIира хан чекхйаллалц а ца Iийра Михеев. ГIалгIайн йарташкахь уггар карзахечарна йа обаргаш бевллачу йарташна кхерамаш тийса вуьйлира иза. Уггар хьалха декъаза кхаж белира Саламбекан йуьртан – СагIопшан. Йуьрте Саламбек схьавоьхура Iедало. Нагахь санна иза схьа ца лахь, берриг а бахархой Сибрех а бахийтина, йурт йаго кхерамаш туьйсура.

Ткъа арахь октябрь лаьттара. Ткъевне, шийла, йочане. Лаьмнашка дуьллу ло а церан когашка кхаьчнера. Оцу мискачу нехан мискачу хIусамашка гIертара шийла Ia. Нах боьхна хьийзара. Йуьртахо Iедале дIа а велла, шаьш а, шайн доьзалш а таIзарх, бохамах кIелхьардаха а ца лаьара. Саламбекан а ма бу доьзал. Зуда а, кегий бераш а. Шен лаамехь, хазахета ма ца ваьллера иза обарг. Халкъана орцахваьллера. Халкъан дуьхьа хьаннашкахула, лаьмнашкахула, экха санна, кхерсташ лела. ДIатосу цхьа гIулч а, цхьа минот а тешаме йоцуш. Iедалан харцонаша, къизалло – цхьана aгIop, къелло, эшамо – вукху aгIop, ма теттина иза оцу новкъа. Саламбек церан йуьртахо, ваша хилла ма ца Ia. Иза гIалгIайн декъазчу халкъан кIант ма ву.

Амма йурт йохайахь, зударий, бераш, къенанаш, цомгашнаш, заьIапнаш йерзинчу стигал кIел буьсу. ХIокху махкахь битича а, уьш хьан тIелоцур бу? Массо а ма ву холчохь, къен, шaйн доьзалшна халла сискал тарйан гIерташ. Буса шайн бераш охьадийшо мотт-гIайба а ца тоьуш. Ткъа хIокху шийлачу Iай махках а баьхна, Сибрех дIабигахь? Берий-м хьовха, баккхийчеран а дац тIедуха а, когадуха а. Новкъахь дIакхаччалц даа йалта а. Сибрех дIа а кхачале, новкъахь лийр ду. Цигахь Ia шийла ду, боху. ДIатесначу туйна лаьтта кхачале ша а беш. Ши аьрша кIорге латта гIорадо, цкъацкъа иза аьхка а ца дастало, боху. Iай сеш, жIаьлеш салазашна а дужий, дIасалела, боху. Уьш дерриг а гина, лайна нах ма бу кхузахь. Цундела, шаьш хIун дича бакъахьа хир ду ца хууш, боьхна хьийза CaгIoпшepa нах. Саламбек Iедале дIавелча, гIалгIайн къомана а эхь хуьлу. Иза бIешерашкахь дуьйцур ду. ХIокху йуьртана неIалт а кхайкхош. КIарлагIан лам хIоттор

1 ... 111 112 113 114 115 116 117 118 119 ... 167
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно читать книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров.
Комментарии