Категории
Самые читаемые
onlinekniga.com » Проза » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 152 153 154 155 156 157 158 159 160 ... 167
Перейти на страницу:
йуха а цхьаьнакхийтира тхо кхоъ.

Iусманан кийра цIе кхерстира.

– ЦIерш хIун йу шуьшиннан?

– XIapa Петр Егоров ву, сан цIе Николаз йу. Николаз Беридзе.

– Дадин уггар гергара ши доттагI ву-кх шуьшиъ.

– ХIаъа, тхан доттагI хилла ца Ia хьан да. Оха тхайн да санна лоьру иза.

Хьеший дIатийра. Уьш кхийтира шаьш дуьйцучух Iусман шекьхиларх. Баккъалла а, жимма Iийча, Iycмaна цIеххьана хаттар дира цаьрга:

– Со цхьана хIуманах ца кхета, Николаз. Дада цига вахана кхо бутт кхочуш боллу. Шуьшинца цIа хIунда ца веана иза, шуьшиннах къаьстина, цигахь хIунда висина иза?

– Нийса хоьтту ахь, Iусман. Иза цига кхаьчча, дукха цхьаьна Iойла ца хилира тхан. Тхойшиннан Россех ваха дийзира цхьана баттана. ТIаккха Iелас, ша Хонкара воьду, элира. Цигахь дозанехь ваша ву шен дIавоьллина. Японски тIамера ведда вахана, Хонкарахь вехаш оцу вешин кIант а ву, элира. Вешин коша тIе а хIуттур ву ша, вешин кIант а лохур ву ша, элира. Тхойша Россех вахана вогIучу йукъана ша, Хонкара а вахана, Гуьржеха йухавоьрзур ву аьлла, вахара иза. Ша цигара йуха ца верзахь а аьлла, хьоьгий, Ахьмад цIе йолчу шун йуьртахочуьнгий цхьа весет дитина цо.

– Оцу тIехь дерг соьга дийца ца мега аш?

– ХIан-хIа, мегар дац, Iусман, – корта ластийра Беридзес. – Хьой, Ахьмад цIе йолу стаггий цхьаьна хила веза.

«Веза Дела, хIун ду-те аьшшиммо деанарг, дан мукъа а? – чу бала хьаьвзина, тIаьхь-тIаьхьа чехкадуьйлуш, хьерадаьлча санна, детталора Iусманан дог. – Диканиг дохьуш веанехьара, тоххара схьадийцина хир дара…».

– Тховса кхойкху вай Ахьмаде йа кханенга даккха мега вайн иза? – хаьттира цо, хьешашна луург дархьама.

– Хьайна мел хало хилахь а, тховса схьакхайкхахьа цуьнга. Шун кхузахь а машаре дац. Хьанна хаьа, кхана хиндерг.

Кхин хан ца йойуш, Ахьмад каро араиккхира Доша.

4

Ахьмад охьавижаза карийра Дошина. ХIетта цхьанхьара цIа вирзина иза, тIера сов бедар дIа а йаьккхина, неIармачаш кханенна кечъеш воллура. Хан йоцчу хенахь ша волчу веанчу Дошин кхоьлина йуьхь гича, иза хIумма а диканиг дохьуш ца веаний хиира хIусамдена.

– Доша, хьо лаа лелий? – хаьттира цо шен ма-хуьллу паргIат.

– Iелин ши накъост веана Гуьржехара.

Ахьмадан дегIах шийла хьацар туьйхира.

– Iела вуй цаьрца?

– Вац…

– ХIунда?

– Ву… Амма цигахь вийна, цIа валийна. Кхузахь салтий бу аьлла, хезча, Саьмби-КIотарахь цуьнан дакъа а дитина, даьхкина тхо. Iусмане хаийтина а дац.

ХIетта ша царна чуьра схьайаьккхина тIеда къаж йуха чу а таIийна, мачаш кога а йуьйхина, гIорийначуьра йасталуш, ладарш Iийдалуш кхозу кетар тIе а кхоьллина, месала куй а тиллина, вист ца хуьлуш хьалхавелира Ахьмад.

Ахьмад неIарх чоьхьаваьлча, хьалаиккхира ши хьаша. Царах цхьаъ Iаьржа корта а, хаза хьовзийна Iаьржа мекхаш а долуш, дукъ тIедаьлла мара а болуш, Iусманан хеннара стаг вара. Ткъа воккхо ала мегар долуш, хIетта сирйала йоьлла хьаьрса маж а, хье тIера тила боьлла корта а, къинхетаме сийна ши бIaьpг а болуш, лекхочу дегIара стаг оьрси вара. Салам луш тIеваханчу Ахьмада, куьйгаш а лоцуш, роггIана маракъевлира и шиъ, цаьрца волу нохчо а.

– ХIара Петр Егоров ву, – элира Iаьржачо. – Ткъа со Николаз Беридзе ву.

– Iаламат дика хета суна шу сайна девзина. Iелас дукха дийцина тхуна шух лаьцна. ДIа дош мосазза олу, шун цIерш йохура. Охьаховшал.

Хьешашка хьал-де а хаьттина, тIаккха Iусманна тIевирзира Ахьмад.

– ХIума йиъний кхара?

– Жимма кхетта.

– Дика ду. Дийцал, хьеший, муха хилира гIуллакх?

Хьеший, боьхна, вовшашка хьаьвсира. Цецвелира Iусман а.

– ХIумма а дац, кIентий, дохий ма хьийза. Суна хаьа шуьшиъ лаа ца веаний. Схьаала шаьш деанарг, баланаш Iийша Iемина ду тхо.

«Ахь дийцахьа», – бIаьргашца дехар деш, Петрога хьаьжира Николаз. Ткъа Петрон меттиг бацара кхечунна тIетатта.

– Хаьа тхуна, Ахьмад, адамашка ца лабалла баккхий баланаш аш Iийшиний, муьлххачу а бохамана сатоха шуьгахь собар а, къонахалла а йуйла. Цундела майрра олу ас: Iела воцуш ву…

И шийла кхаъ шена тIе хьалххе кхаьчнехь а, Ахьмадан йуьхьо бос хийцира, цIоцкъамаш дусаделира. Цунна гира Iусманан бIаьргаш тIунлуш. БIаьрнегIар тухучу йукъана ша дIатесна къонахалла йуха а йерзийна, гIовталан кочара ветанаш дIа а даьхна, Iусмане вистхилира иза:

– Къонах хила, Iycмaн, къонах. Иштта киртигаш йу дуьненан. Хийланна тIехIиттина уьш. Амма собар хила деза. Хьан ден, цуьнан нийсаройн – тхан а, тхешан дай, вежарий тIамехь эгча, бIаьргех хин тIадам ца баьлла. Ма Iийжара дегнаш, ма хала дара дейтта-пхийтта шераш бен хенаш йоцчу тхуна и бохамаш лан. Делхарх нисдала хIума дацара. Царах дисина герз кара а оьций, церан метта дIахIуьттура. Иштта хила деза шу а, Iycман. Дийцал, Петро…

– Iусман, тхо кхета хьуна xьaн дагах, – бoxypa Петрос. – Дог Iовжош хIума ду да-нана далар, и къахьо ас а мелла. Амма сан да шозза вели, Iусман. Миска Iела хьан да хилла ца Iapa, хьуначул а чIогIа везарий-те аьлла, дукхавезара тхуна иза. Цундела боху ас, сан да шозза велла: со шен цIийх схьаваьлларг а, и санна, ас сайн да лийрина, везаш хилла Iела а. Каторгехь цо шен дахаран некъ буьйцуш, бIаьргех хи туьйсуш, ладоьгIура накъосташа. Цуьнан хьуьнаро, оьздангалло, собаро ницкъ лора тхуна халонаш эшо, къийсамехь майрра хьалха дIадаха. Иза вуьззина турпал вара. Гуьржеха тхо долчу кхечира иза, цигахь цхьана масех йуьртара ахархой Iедална дуьхьал гIевттинчу хьола тIе. Цигахь тIом хилира. Дукха гIиртира тхо оцу тIамехь тхайца цуьнга дакъа ца лацийта, тIом болабалале иза цигара цIа хьажо. Амма цо ла ца дуьйгIира тхоьга. «Сан бакъо йац шух дIакъаста, – элира цо. – ДоттагIий бохамехь дIа ца туьйсу къонахчо». Массо хенахь массанхьа а тхоьца вара иза. Адам цецдоккхура цуьнан майралло, собаро, тIеман говзалло. Амма майра, каде, собаре хиларх лоцу къизачу дIаьндарго. Ши кIира хьалха, тхо Хевсуретехь лаьмнашка йухадовлуш, тхуна тIаьхьабаьхначу гIалагIазкхийн тоьпийн дIаьндарго некхах чIогIа чов йира цунна…

Шен къамел а сацийна, Iусмане хи дийхира Петрос. Шега кховдийнчу кхийран доккхачу зоки чуьра хи, са ца доIуш, лаххьийна дIа а мелла, балдех йовлакх а хьаькхна, кхидIа дуьйцура цо:

– Чов хиллачул тIаьхьа кхаа дийнахь вехира иза. Оцу йерриг хенахь, шен дегIа чуьра са дIадаллалц кхетамчохь вара. Цо тхойшинга дийхира шена тIе нохчийн молла кхачор а, нагахь санна цигахь шен Iожалла хилахь, шен дакъа винчу йуьрта дIадахьар а. Цуьнан дехар кхочушдеш, оха Хевсуретин дозанерчу цхьана йуьртара молла валийра. Цуьнца цига веара хIинца тхоьца волу xIapa Муса а. Лечу хенахь, шун динехь, гIиллакхехь дан дезарг дерриг дира. ТIаккха оцу нохчийн йуьрта а вигна, цигахь кечвина, оха кхааммо цIа валийна. Шун йуьртахь салтий бу аьлла хезча, иза луларчу кIотарахь а витина, схьадаьхкина тхо. ТIаккха xIapa кехат а дитина цо, шуьга дIaлo аьлла.

Костюман чухуларчу кисанара схьадаьккхина сийна конверт Ахьмаде кховдийра Петрос.

– Баркалла

1 ... 152 153 154 155 156 157 158 159 160 ... 167
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно читать книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров.
Комментарии