Категории
Самые читаемые
onlinekniga.com » Проза » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 40 41 42 43 44 45 46 47 48 ... 167
Перейти на страницу:
йукъ-йукъа тIехула туьха хIоьттинчу лаьтта тIехь можа бос бетталуш, гоьллелц йогIучу хьаьжкIашна асар даккха гIepташ воллура сира, йеха маж а йолуш, векъана воккха стаг. ХьаьжкIашна йуккъехь гора луьста кхиъна кхоьаш а, йоца хуталш хецна гIабакхаш а.

– Ассаламу Iалайкум, хьекъийла хьан! – мохь туьйхира Iелас, ша цуьнга нисвелча, соцунгIа а хилла.

Болх а сацийна, хьала а таьIна, гIовталан пхьуьйшаца хьаьжа тIера хьацар дIа а хьаькхна, хьаьжа тIе куьг а хIоттийна, леррина Iеле хьаьжира асархо.

– Ва Iалайкум салам! Дела реза хуьлда хьуна а. Ванах, Iела, хьо вац хIара? – шен цел белша тIе а тесна, хьаьжкIаш йукъара схьавелира воккха стаг. – Ахь хIун до, хьо лаа веаний кхуза?

Iелина ца вевзара иза.

– Сагатделла, хьаннашка бIаьрг тоха дукъа ваьллера со-м.

– ТIаккха, могаш-маьрша лелий? Охьалахлохьа. КIант а, кIентан доьзал а буй могаш?

– Дала дика кхобу. Шу а деца могаш?

Воккхачу стага доккха садаьккхира.

– Шу бохург дан а дац, Iела. Со воллу-кх хIокху холбатахь хан токхуш. Охьалахлохьа кхуза, Беци тIе. Жимма хьоьца дар-дацар а олуш, садаIа ас. Хьуна-м со вевза а хир вац. Со вевзаш нах кIезиг бу кхузахь. Ас вийцича-м, дагавогIур вара хьуна. Тохара, шу Хонкара дахале цхьа шо хьалха, тхан дай, сой шина Терка йуккъе кхелхина ваха араваьллачу дийнахь, кетIахь тхуна тIенисвелира хьо. Цул тIаьхьа шовзткъе итт шо даьлла. ХIетте а, оцу дийнахь тхо йуьртах довлуш, тхан дега ахь доггаха аьлла дешнаш цкъа а ца дицло суна,

– Мила вара шун да?

– Жаьнтамар.

Шен ойланашца цхьана минотана шовзткъе итт шо йуханехьа вахара Iела. Цунна хьалха схьахIоьттира Васалан урд аха шен старца божа сту лаха ша араваьлла де. Стерчийн вордан тIе шайн миска сал-пал а йоьттина, царна тIехула тIе кIентан бераш а ховшийна, урамехь лаьтта къена Жаьнтамар. БIаьргех хиш а лешаш, Iодика йора цо шаьш новкъадаха тIаьхьабевллачу лулахойн. Iелина чIогIа чам байра, иза кхелхина Теркал дехьа воьдийла хиъча. Вуьшта а кIезиг бисинера йуьртахь нах. Белларш-м денлур бацара, ткъа хIара дийнанаш мукъана а йуьртахь совцийла лаьара цунна.

– Вон кхелха шу цига, – элира цо Жаьнтамаре. – Лахь а, дисахь а, кхузахь цхьаьний Iийр дара-кх. Вайнехан латта ма ду аш, мах а луш, йолах лело схьаоьцург. Жимма йахь хила а ма йезара кийрахь.

– ХIун дийр ду, Iела? – йолчу тIе а гIайгIане кхоьлира Жаьнтамаран йуьхь. – ВаллахIора, хIумма а хазахеташ-м ца воьду со цига. ХIapa цIоз кхузахь хене даккха хала ду. Вайна ма-хаъара, кхузахь со тIевеана стаг ву. Пхьоьханахь сий дац сан. Куьйган бакъо а йац йуьртан гуламехь. ТIехула тIе, дайн хиллачу махка тIехь, церан кешнашна уллохь вала а, ваха а, цигахь дIаволла а, лаьа. Шу а дац кхузахь даладелла Iаш. Со санна тIебаьхкинчу наха йолчунна тIе а гатте йина шуна а…

Ша Гати-Юьртара а вацара Жаьнтамар. ТIом болчу хенахь Теркйистера шайн йурт йагийнчохь гIалгIазкхийн станица йиллича, доьзалца Нохчмахка а веана, Гати-Юьртахь сецира иза. Жаьнтамар санна, аренгара бевдда хьалабаьхкина доьзалш Iаламат дукха бара Нохчмахкахь. Вуьшта а лаьттана йоккхачу къеллехь бохкучу кхузарчу бахархошна йолчу тIе а гатте йинера цара. TIамo, бохамаша шайн лаьтта тIера бухбаьхна схьабаьхкина и нах латта доцуш буьтийла а дацара. Нохчий, бусалбанаш ма бара уьш, де доьхна лелаш. ТIом чекхбаьлча, хIорш шайн йарташка дIабоьрзур бу-кх аьлла, шайн ирзойх коржамаш хедош, царна кIез-кIезиг латта делира наха, цхьана ханна лело. ТIом болчу хенахь церан дог а оьцура бухарчу наха. ТIом чекхбаьлча, хIокхеран махка тIехь гIалагIазкхийн станицаш йехкира. Баха меттиг йоцу и тIебаьхкина нах Нохчмахкахь бисира. Кхузахь церан цIе «тIебаьхкина» нах йара. Йуьртан мехкан дакъа а ца кхачадора царна, йуьртан гуламехь куьйган бакъо а йацара церан. Оцу дерригенан а ойла йича, Iелас бехк а ца буьллура царна кхелхина кхузара дIабахарх. Уьш муха бехар бара кхузахь? Берриг а мохк наха дIалаьцнера. ХIора шарахь xIapa бухара нах а вовшех летара, шунаш а, дозанаш а къуьйсуш. Хьалха-м, доьзалехь кIант кхиъча, цо зуда йалийча йа йуьртана тIевеанчу стагана, цунна ирзо даккха хьун къастайора. ХIинца иза дойла а дацара. Йерриг а хьаннаш пачхьалкхо шен долайаьхнера…

5

Шен ойланех йукъах а ваьлла, воккхачу стаге хьаьжира Iела. Ша хиъна Iачуьра дIа а кхийдаш, хьаьжкIашна куьйга асарш дохуш воллура иза.

– Жаьнтамаран шина кIантах муьлханиг ву хьо?

– Воккхахверг. Мусха.

– Мусха… ХIетахь хьан доьзал бара, моьтту суна?

– Кхо кIант а, ши йоI а дара. Уггар доккхачун итт шо а долуш.

– Уьш мичахь бу хIинца?

Вист ца хуьлуш, вехха Iийра Мусха.

– Дийца воьлча, дукха деха ду иза, Iела, – элира цо эххар а. – Дуьйцуш, дерриг а карладуьйлу, ца дуьйцуш Iийча, цIеран уьйриг а хуьлий, кийрахь хьийза. ТIе дийца а, далхо а, сох къахета а, дог лаза а стаг а вац сан. Амма хьоьга дийцаза Iалур вац. Ахь баланаш дукха Iийшина. Со санна, ала мегар долуш, халонаш, баланаш лайна, цхьа висина стаг ву хьо. Цхьа бохам шена тIебеача, стага ойла йо, ванах, xIapa суна хилла бохам хилла стаг вуй-те олий. Ишттаниг карийча, иза а хилла собаре, со а хила веза олий, маслаIат хуьлу, сатуху, собаре хуьлу. Хьан кийрахь сингаттам бу, Iела, амма и хьайниг гIан хетар ду хьуна, соьга ладоьгIча.

«Суна хиллачул тIех баккхий бохамаш, ас лайначул тIех баккхий баланаш лан, хIокхунна тIедеанарг хIун ду-те?» – аьлла, цецвелира Iела.

– Кхузара дIадахча, шина Терка йуккъерчу гIалагIазкхийн цхьана йуьртана уллохь жима кIотap а йиллина, охьахевшира тхо. Ткъа цигахь дитарна а, тхаьш лелочу лаьттах а xIоpa шарахь йуьртана мах лора оха. Иштта, оха санна, нохчаша йехкина кIотарш дикка йара Теркан шиний агIонца. ХIокху агIор йа гIалахь нохчашкара шайна цатовриг даьлча, цигахь тхо хьийзадора гIалагIазкхаша. Цхьанхьа нохчаша шайна къола, талораш дича, гIалагIазкхи вийча, и дерриг а тхох окхура. Оцу зуламхошца тхо бертахь ду, и къуй а, и талорхой а цига оха кхуьйлу, олура. Дуккха а меттигаш нислора нохчаша царна дина къола, зен цигахь бехаш а, ханна йолах болх беш а болчу бехк-гуьнахь доцчу нохчашка токхуьйтуш. И къоланаш, талораш дийриш беккъа нохчий а ца хуьлура. ГIалагIазкхашна йукъахь а кIезиг бацара къуй. Цара а кхуьйлура нохчийн къуй цига. Шинхьарчу а зуламхоша бертахь, цхьаьний бора и болх. Цул совнаха, кхечу къаьмнех нах а бара цигахь къоланаш а, талораш а деш. Амма дерриг а нохчийн коча доуьйтура. ХIуьттаренна а, дукхахдолу къоланаш дийриш нохчий хиларна а. Оцу къуша, талорхоша вон цIе йоккхуьйту нохчийн, уьш бахьана долуш баккхий бохамаш хуьлу вайн къомана. Органал дехьара цхьа стаг вахара селхана кхузахула дIа. Дукха хан йоццуш гIалгIайн а, гIалагIазкхийн а йарташна йукъахь доккха дов хилла, гIалгIайх маситта стаг а вийна,

1 ... 40 41 42 43 44 45 46 47 48 ... 167
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно читать книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров.
Комментарии