Категории
Самые читаемые
onlinekniga.com » Проза » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 51 52 53 54 55 56 57 58 59 ... 167
Перейти на страницу:
ла а доьгIна, тахана кхузара дIабевлла и нах. Кхана соьга а ладугIур дац цара. Изза дина аш кхечу йарташкахь а. Халкъ паччахьна, Iедална дуьхьалдаьккхинарш шу ду, господин пурстоп. Мел шайна ца лаахь а, цкъа Iедална, халкъана хьалха жоп дала дезар ду шун.

Букъа тIехьа ши куьг а диллина, чухула дIасаволавелира Хамов. Iелас шена тайниг, пелхьо алар дагах кхетта, оьгIазваханера иза.

– Йоза-дешар хаьий хьуна?

– Цхьа таро йало.

– Хьан Iамийна хьо?

– Каторгехь, бакъболчу оьрсаша.

– Муьлханаш бу и «бакъболу» оьрсий?

– Революционераш.

– И мотт дукха шера бу хьан, воккха стаг. Цо дикане кхачор вац хьо. СаьIад, кехат а, къолам а лол. Таханчул тIаьхьа айхьа паччахьна а, Iедална а дуьхьал цхьа дош эр дац алий, тIелацам йазбел суна… Йа хьашт дац. Къуръан да. Къуръан тIехь дуй баор вай.

ГIуллакх дан кечвелла лаьтташ волу СаьIад, кехат-къолам охьа а тесна, араиккхина, Къуръан дохьуш, сихха схьавеара.

– Ас ма-аллара, дуй баал, – стоьла тIе диллинчу Къуръанехьа корта ластийра Хамовс.

Iела ша волчуьра меттах ца велира.

– Иза дойла йац сан, господин пурстоп.

– ХIунда?

– Со къена, гIорасиз стаг ву. Амма сайн ницкъ а кхачахь, аьтто а нислахь, нохчийн халкъана хиллачу бохамашна бехкечарех бекхам эца, цуьнан маршонехьа къийса цкъа дуй биъна ас. Шалхонаш лело хан йац сан.

Ша хIун дича бакъахьа хир ду ца хууш, воьхна хьийзара Хамов. Iела а, Овхьад а, лаций, Ведана дIавалаве, аьлла цуьнга Галаевс. Овхьад цIахь вац. Ткъа xIapa Iела бехкевеш, схьалаца хIмма дац. СаьIада а, Iабдис а боху xIapa йуьртан гIуллакхашна йукъагIерташ вац. Бехке хилча а, наха вуьгуьйтур а ма вац. ХIокхуьнца волчу бархI салтичо хIун дийр ду дийнначу йуьртана дуьхьал? Ца байахь а, герз а, говраш а йаьхна, дIахьовсор бу. ТIаккха иза Хамовна доккха эхь хир ду. ХIорш леца лаахь, Галаев ша вогIр ву кхуза, рота салтий а балош.

– Дика ду, воккха стаг. Тахана цкъа, къинхетам бина, вуьту хьо. Амма таханчул тIаьхьа диканна а, вонна а хьан цIе йоккхуш суна хазахь, ваханарг йуха ца вогIучу дIахьажор ву хьо. ХIинца мукъа ву хьо. Цкъачунна.

Ша чу веача хаьттина маршалла дIа ца эцначу пурстопан Iодика а ца йеш, аравелира Iела. ТIаьхьаваьлла СаьIад цунна хьеставала хIоьттира.

– Iела, хIокху гIуллакхна бехке со вац хьуна… Соьга хаьттина а, суна хууш а ца баьхкина xIapa дена неIалт хиларш!

СоцунгIа а хилла, оьгIазе цунна тIевогIавелира Iела:

– Гуш лаьтташ аьшпаш хIунда буьтту ахь, СаьIад? Айхьа Iexo, со бер ду-м, ца моьтту хьуна? Хьуна хууш а, ахь бехна а баьхкина. ХIара гIуллакх хIокху хьола тIе ца далийта, хьалха хиллачу гуламехь Овхьада аьллера шуьга, шина а тобанах ах-ах нах а харжий, маслаIате дерзаде. Иза ца дан, гуламера дIадахара шу. ХIapa таханлерниг дан пурстоп схьавеача, йуьртарчу наха шаьш резаболу пхи стаг хаьржина, тхо а царна реза ду, оха шолгIа харжамаш бийр бац, хIунда ца аьллера аш?

– Ва, Iела, оьрсийн йоза-дешар а, оьрсийн мотт а хууш воцчу, Соьлжа-ГIала мичахь йу а ца хуучу оцу пхеа стага йуьртана тIехь куьйгалла муха дийр дара? Цуьнан ойла ма ца йо уггар хьекъале волчу ахь а, Овхьада а?

– Куьйгалла ца далахь, шаьш дIабевр бара йа цхьа шо даьлча, йуха харжамаш хилча, наха кхин хоржур бара. Йа аш гIo дан ца мегара царна йуьртана тIехь куьйгалла дан? Шун мотт-эладитанаша, шун питанаша, шун сутаралло мостагIаллин шина тобане йекъна хIapa йуpт! Кхузахь даха а, дала а, делча наха дIадохка а ца деза шу? Аш йиний ткъа цуьнан ойла? И оьрсий йуьртана дуьхьал схьабало эхь ца хийтира шуна? Аш йуьртана йамартло ма йина, тешнабехк ма бина! Шун бехк бу берриг а, уггар хьалха хьан а болуш!

СаьIад дуьхьал вистхила кхиале дIавахара Iела.

3

Бусалба динан Iилма кIорггера хууш а, иза халкъана йукъахь даржош а, адамаш цунах кхетош а, нисдеш а къахьоьгуш дуккха а Iеламнах бара нохчашна луларчу ДегIастанахь. Царах цхьаберш гIарабевлла бевзара туркойн, Iаьрбийн мехкашкахь. ДегIастанара цхьаболчу Iеламнаха бусалба динан Iилма Iамийна а ца Iapa. Царна йукъахь бара философин, математикин, астрономин, географин Iилманаш хууш нах а. Петарбухехь, Москох университеташкахь хьехархо вара масех дегIастанхо.

Оцу заманахь бусалба динан Iилма кIорггера хууш Iеламстаг бIе шарахь цхьа-шиъ бен ца волура нохчашлахь. Шайх Мансуран заманахь дуьйна схьа хаддаза Нохчийчохь хуьлучу тIемаша нохчийн аьттонаш а, таронаш а ца хуьлуьйтура дешарна, Iилманна тIеберза. Пхийтта шаре бовллалц хьуьжаршкахь доьшура божабераша, йа вуьшта аьлча, цигахь царна Iаьрбийн маттахь йаздан а, деша а Iамадора, амма Iаьрбийн мотт Iaмo хан ца тоьура. Пхийтта шо кхаьчна кхиазхо, герз кара а оьций, тIаме воьдура. Царах цхьаберш тIамехь бойура, дийна бисинчарна а шаьш хьалха хьуьжарехь Iамийнарг дицлора. Цхьана-шина шарахь чекх ма ца болура тIом, иза иттаннаш шерашкахь бахлора.

ТIе, хьуьжаршкахь йуьхьанцара дешар Iамийча, лакхара дешар-м хьехочохь а дацара, атталла йуккъера дешар берашна Iaмo а хьехархой бацара Нохчийчохь. Дуккха а йарташкахь берашна йуьхьанцара дешар Iaмo а хьехархой ца тоьура. Цундела шен имамаллин шерашкахь нохчийн берашна йуьхьанцара йоза-дешар Iaмo ДегIастанара молланаш балабора Шемала. Уьш кхуза балоран, нохчийн берашна йоза-дешар Iаморал совнаха, кхин коьрта цхьа Iалашо а йара имаман. Нохчийн бераш доза доцуш шена муьтIахь а, шен а, шен гIуллакхан а дуьхьа тIаме даха а, гIазотехь Iожалла тIеэца а кечбайтар.

ДегIастанара балочу молланаша нохчийн берашна Iаьрбийн йоза-дешар а, мотт а Iамор ледара хуьлура. Молланашна нохчийн мотт а, ткъа берашна дегIастанхойн мотт а цахааро халонаш хIиттайора царна йуккъе. ШолгIа-делахь, мелла а кIоргера бусалба динан Iилма хууш а, таро а йолчу дегIастанхойх цхьа а молла ца вогIура хаддаза тIом лаьттачу карзахечу Нохчийчу. Кхуза йуьхьанцарчу хьуьжаршка хьеха богIу молланаш а ца хуьлура атталла йуккъера дешар а кIорггера хууш. ДегIастанахь Iеламстеган хаарийн мах хадош, ледарчунна олу, бохура, хIара нохчашна молла ваха мегар ву олий. Уьш дукхахберш шайн махкарчу къелло балабора Нохчийчу. Кхузахь шайна хуу Iилма нохчийн берашна Iамийча, церан дай-наноша лучу йалтех шаьш а, шайн доьзалш а халла хене баха гIертара уьш.

Йуьхьанцарчу хьуьжаршкахь дешначу божаберех цхьа наггахь верг кхидIа а деша ДегIастана – БотIлихе, СогIратIла, ТIилитIле – воьдура.

ДегIастанарчу бусалба наха Iаламат дукха а, боккха а болх бора шайн халкъаш бусалба динехь, ийманехь кхетаме кхиош. Цигахь бусалба динан лаккхара Iилма Iaмo хьуьжарш а, цигахь хьеха кIорггера Iилма хуу Iеламнах а бара. Цара шайн къаьмнийн меттанашкахь жайнаш йаздора, бусалба адамийн коьрта декхарш а, шариIат а нахана довзуьйтуш. Iаьрбийн маттахь а, Iаьрбийн графикин буха тIехь кхоьллинчу абатца шайн меттанашкахь а уьш зорба тухуш Шура-гIалахь типографи а йара церан. Цул совнаха, цара шариIатца нийса догIу

1 ... 51 52 53 54 55 56 57 58 59 ... 167
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно читать книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров.
Комментарии