Категории
Самые читаемые
onlinekniga.com » Проза » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 60 61 62 63 64 65 66 67 68 ... 167
Перейти на страницу:
лелха шуьшиъ? – човхийра и шиъ Солтас. – Оьрсийн мотт-йоза а хууш, Iедал а, хьаькамаш а бевзаш долчу аш хIун дика болх, хIун аьтто бина йуьртана? Йуьртана-м хьовха, атталла цхьана стагана а? Ирх а ца лелхаш, шайга дуьйцучуьнга цкъа ладогIа!

Аьрсамирзин хьаьжа йуккъе, кIез-кIезиг гуллуш, шад гулбелира, месала, хьаьрса цIоцкъамаш, кондарш санна, дусаделира.

– Шаьш бехке дац, боху аш? – царна тIекъевкъира иза. – ХIокху йуьртана мел хиллачу бохамашна бехке шун дай а, шу а ду! Дац алал? Iабди, хьан да ХортIа а, воккхахволу ваша Асхьад а хIокху Iедалан йалхой, айкхаш ца хилла? Iаьлбаг-Хьаьжин гIаттам болабелча, оьрсийн эскар долчу, Гезлойн-гIопе, ведда ца ваханера и шиъ? Салташа хIокху йуьртара цIенош дагош, царна хьалхаваьлла лелаш ца вийнера Асхьад? Хьуьса, хьан да Товсолта-Хьаьжа, СаьIад, хьан да Бора-Хьаьжа, хIокху йуьрта богIучу оьрсийн хьаькамашна хьесталуш, церан цIогана кIел мотт хьоькхуш, царна Деле гIо доьхуш, доIанаш деш ца лелла? ХIокху йуьртан ах мохк шу иттех стеган долахь бу. Шун дайша, хьун хьокхуш, баьккхина иза? Цхьа кол ца хадийна цара! ТIамо тIера дай байъина, йа Iедало Сибрех бахийтина, шайн кхаш дуьйш-дерзош лело ницкъ боцуш, йаа сискал йоцуш бисинчу жоьра-зударшкара, берашкара гирда хьаьжкIаш луш, шун дайша шайн доладаьхна латтанаш ду уьш. И доьзалш йолах шун дайша а бацийра, церан тIаьхьенаш йацош шу а ду. Сан кIант а, Мохьмад а, xIapa Солта а японца тIаме бахийтинарш шу дац? Мудар Россе хьажийнарш шу дац? Шайн кIентий хIунда ца бахийтира аш? Шун дай а хилла йуьртана йамарт, хIинца шу а ду!

– Оха ца бахийтина уьш, ахчано бигна! – цавашаре велакъежира СаьIад. – Ахчанах бохкабелла бахана.

Аьрсамирза цIий сиха, дера стаг вара. ХIумма а цул тIаьхьависина Солта а вацара. Амма СаьIад а, ша молла велахь а, Хьуьси а вацара кIиллочарех. Iабди-м цхьогалан амалш йолуш вара. ХIокхеран дов гена а даьлла, вовшашна тохарна кхеравеллачу Ахьмада совцийра уьш.

– Хьуьса, хьо Iеламстаг хиларна, ткъех шарахь йуьртан молла а, къеда а латтарна, сайн къамел гIиллакхехь хьалха хьан цIe йаьккхина долийра ас. Ткъа хьо, вист ца хуьлуш, хьайн шина накъосто дуьйцург къобалдеш, корта а теIош, хиъна Ia. Ткъа шу виъ а гIиллакхах, оьздангаллех ма воха, собаре хила. Аьрсамирзас оьгIазвахана аьлларг а, йерриг йуьртана а хууш, бакъдерг ду. Делахь а дIадевлларш дуьйцур дац вай. Ткъа хIокху тхан кочахь долчу даржах лаьцна аьлча, xIapa оха лехна а, дехна а ца деана тхан коча, оха тIелаьцнарг йуьртан лаам бу. XIoкху хьаькамаллех хIумма а даккхийдеш Iаш а дац. Ткъа шу, СаьIад, наха йуьртда а, къаной а хоржучу хенахь шайн бартахошца цхьаьна гуламера дIадахара. Иза дина а ца Iийра. Къайлах пурстоьпаца барт а бина, йуьртарчу куьйган бакъо йолчу пхи бIе гepггa стагах ах бIе шайн бартахой а гулбина, цаьрга кхаж а тасийтина, йуьрто хьо йуьртда, ткъа xIapa ХьуьсагIар къаной хаьржина аьлла, дIа а кхайкхийна, хIокху чу охьахевшина. Аш хIунда ца элира укурган началнике, тхан йуьртахь наха йуьртда а, къаной а хаьржина, и хаьржинарш Iадбита, шаьш йукъа а ца Iуьттуш? Аш йуьртана йамартло ма йина, СаьIад. Аш хIара йурт мостагIаллин шина тобане ма йекъна. ХIинца йуьрто хаьржина тхо Iедало къобал ца до, ткъа Iедало йамартлонца, харцонца хIиттийна шу йуьрто къобал ца до. Тахана йуьртана тIехIоьттина хIара кхераме хьал машарца дерзо тIедахча, Iедало тхо тергал дийр дац. Цундела Iедало хIоттийначу шу пхеаммо дерзо деза xIapa гIуллакх.

– Шен омра кхочуш ца дича, полконака къамел а дийр дац тхоьца!

– ХIета аш кхочушдан деза полконакан омра а.

– Йуьрто пачхьалкхан налогаш, гIуданаш дIа ца текхча, герз дIа ца делча, тхоьга кхочушдалур дац полковникан омра.

– Аш, хьолахоша, дIатакха пачхьалкхо йуьртана тIетоьхна налогаш а, гIуданаш а. Герз а дIало.

СаьIадгIар, цецбевлла, багош гIаттийна бисира.

– Оха хIунда токху йуьртана тIера налог а, гIуда а? Иза а, важа а йуьртарчу xIopa кIуьран цIарах нийсса йекъна, тхаьшна кхочург оха токхур йу, шайна кхочург наха а такха йеза.

– И харцо хIинццалц лелла. ХIинца тоьур ду, нехан собар кхачийна. Шун долахь йуьртан ах мохк бу, даьхни, туьканаш, хьераш, пайтонаш, гIудалкхаш, шортта ахча а ду. И дерриг а шайн дайшкара охьа хьарамчу некъашца, харцонашца, йамартлонашца гулдина аш. Цул совнаха, Iедало йуьртана тоьхна, тIаккха дIабаьхна текхамаш, иза нахана ца хоуьйтуш, цаьргара ахчанаш а дохуш, шайн кисанашка аш дерзийна меттигаш а гучуевлла тхуна. Шу йамарт нах ду, СаьIад. Шайна лаахь, Iедало дIайоьху налогаш, гIуданаш, герз шаьш дIало. Шайна лаахь, оцу полконакца йукъара мотт а карабай, йурт кIелхьарйаккха. Иза шун шайн гIуллакх ду. Амма оха хьалххе цхьаъ дIахоуьйту шуьга. Нагахь санна оцу полконака хIокху йуьртара цхьа цIа дохадайтахь, салташа цхьана кертара котам галйаккхахь, йуьртара цхьа стаг лаьцна вигахь, цхьана стагана бохам баккхахь, шу иттех стеган цIенойх а, бахамех а оха чим бийриг хилар. Доцца аьлча, шайна а, шайн тIаьхьенашна а хIокху йуьртахь даха лаахь, xIapa гIуллакх йуьртана сингаттам а, бохам а боцуш, дIадерзаде. Оха ца элира ала дац шуна. ХIан, xIapa тхан лаам полконаке дIа а кхачабе, – шаьш йаздина кехат царна хьалха теттира Ахьмада. – Цо хIиттийна хьаькамаш ма ду шу. Иза а, шу а ахчанах йохкалуш, эцалуш хIуманаш йу. КхидIа къамелаш ца дер вай. Iодика йойла шун!

Чохь висинчу кхааммо йоцца кхеташо йира. Церaн барт хилира, вукху хьолахойх дага а бевлла, Iедалца дерг шайн ницкъашца, шайн харжашца дIадерзо…

5

Ткъа Саьмби-КIотарарчу йуьртден хIycaмe воьссина полковник, букъа тIехьа ши куьг а лаьцна, оцу шен сингаттамечу ойланаша дIа а ца хоьцуш, жимачу цIа чухула цкъа дIасаволалуш, тIаккха, корехь а соций, ара бIаьрг тухуш, гатвелла хьийзара. Иза валлал дохковаьллера ша, ойла а ца йеш, гатийуьртахошна и ультиматум йаларх. Кхаа дийнахь-м хьовха, кхаа баттахь а и декхарш дIатакха церан ницкъ боцийла а, схьадала оццул герз доцийла а, и йурт сийначу цIарах йагийча а, ша схьавоьху виъ стаг цара шега схьалур воцийла а, шера хаьара цунна. Ткъа и ультиматум цара кхаа дийнахь кхочуш ца йахь, йурт йохо дош ма делла цо. Цигара цхьа цIа дохадахь, йурт гIоттур йу. Цунах дIакхетар йу лулара йарташ а. ТIаккха и ун, шеко йоцуш, йерриг а округе даьржар ду. Бахархошкара налогаш схьайаха, герз схьадаккха аьлла, лакхара охьа омра делахь а, округехь мятеж хилахь, хIара бехке вийр ву. Хьуна халкъаца бийца машаре мотт карийнехьара, хьо къиза ца хиллехьара, халкъ Iедална дуьхьал гIоттур дацара аьлла. Кхин дуккха а бахьанаш карор ду шайн бехк хIокхуьнан коча баийта, xIapa бехван, даржах вохо. Ткъа гатийуьртахошна хIокхо делла дош кхочуш ца дахь, царна а, кхечу йарташна а хьалха хIокхуьнан сий

1 ... 60 61 62 63 64 65 66 67 68 ... 167
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно читать книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров.
Комментарии