Категории
Самые читаемые
onlinekniga.com » Проза » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 86 87 88 89 90 91 92 93 94 ... 167
Перейти на страницу:
хIара зуламаш. ЦIоз санна, мискачу халкъана тIелетта и зуламхой совцо шена гIo де, боху вайга Iедало. Нагахь санна шайна машаре, синтеме даха лаахь, маьрша, хьанала къахьега лаахь, зуламхой къайла ма баха, царна гIo ма де – боху сардала. Бахархойн карахь герз мел ду, къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш дIадевр дац, боху цо. Зуламхой совцо а, герз дIадаккха а шена гIo ца дахь, ша уьш хIаллакбийр бу, ткъа церан гIоьнчашна ша луьра таIзар дийр ду, боху цо. Нагахь санна гIуллакх оцу хьола тIе далахь, хийла бехк-гуьнахь доцу адамаш дойур ду, зударий, бераш, къенанаш Сибрех бохуьйтур бу, йарташ йохор йу. Шеко йац, нагахь санна вай кхетаме ца дагIахь, вайн йуьртана а таIзар дийриг хиларан. ХIунда аьлча, вайн ши йуьртахо ву обаргашца. Султахьаьжин Доша а, Сулимин Хьомсуркъа а. Уьш талораш деш, адамаш дойуш бу, ца боху ас. Iедалан бекхамах шайн синош довдийна, обаргаллин новкъа бевлла уьш. Амма Iедална гергахь обарг цIе йолу муьлхха а стаг талорхо, адамашдайархо ву. Кхана-лама вайн йуьрта эскар деача, цо и ши стаг а, герз а дIадехча, хIун дийр ду вай?

СаьIад къамел дина валлалц хала садетташ Iийна Солта, шен цхьаъ бен доцчу куьйгаца нах дIаса а тоьттуш, гонна йукъавелира:

– СаьIад, ахь дийцарехь, оьрсийн паччахь а, сардал а цIена Делан маликаш, ткъа нохчий – цхьа а дин доцу мунепикъаш, акха адамаш ду. Аш дийцарехь, и керстанаш вай бусалба динехь а, ийманехь а нисдан, вайна йалсамане йан гIерта, ткъа xIapa акха нохчий дуьхьалбевлла. Нохчаша талийна йа вийна цхьа-ши бIе оьрсий мехала ваьккхина вуьйцу цара а, ахь а, амма оьрсаша, церан паччахьаша, Iедало нохчийн халкъ хIаллакдар, йарташ йохор, йагор, дийна бисина нохчий чIана а баьхна, лоллехь, Iазапехь бахкор, хIора дийнахь лоьцуш Сибрех хьийсор, халкъера къелла, мацалла ма ца йуьйцу оцу сардала а, ахь а?

Ша, тIамехь пхьарс а баьккхина, цIа веачахьана, гуламехь а, пхьоьханахь а, адамаш цхьаьнакхеттачохь а СаьIадана цхьа Iоттар ца йеш, цуьнан дош ца кагдеш ца Iapa Солта. Амма СаьIада ловра иза. Цуьнан да, Солтха, шеца оьрсийн-туркойн тIамехь хиларна а, xIapa Солта шел шозза жима хиларна а. ТIамехь заьIап хилла хIара миска даим а дера хиларна а. Солтха майра, тешаме, доьналле накъост вара, хIумма а кIанте тера чIиркъе а, девне а вацара. Уьш дерриг а тидаме а оьций, собаре садеттара СаьIада, амма тахана и собар кхачийра цуьнан:

– Ванах, Солта, адамаш цхьаьна мел кхеттачохь, даим суна дуьхьал и гIовгIа йо-кх ахь. Кхузахь, хьо воцург, масех бIе стаг ма ву. Хьан ден хенарнаш а, хьан хенарнаш а. Хьо стенна везаве? Оцу оьрсашка а, церан паччахье а, Iедале а оццул хьайн цабезам хилча, йолах царна хьалхара тIаме а вахана, хьайн пхьарс хIунда баккхийтина ахь? ХIетахь ца хаьара хьуна, оьрсаша, церан паччахьо, церан Iедало нохчийн халкъ ах хIаллакдинийла, йарташ йохийнийла, йагийнийла, дийна бисина нохчий лоллехь, Iазапехь бахкош буйла, Сибрех хьийсош буйла?

– Хаьара. Со къелло, мацалло вахийтира оцу тIаме. TIe, ахь лекхначу зурмано а. Со-м керстанийн ахчанах керстанаш байа ваханера, ткъа хьо хIунда ваханера нохчийн халкъан мостагIийн – оьрсийн, керстанийн – эскаре а хIоьттина, бусалба туркой байа? Хьан да а, хьо а хьал долуш, вехаш ма вара?

– Хьан да Солтха а вара соьца оцу тIамехь туркойх леташ, уьш бойуш!

– Сан да а вигнера оцу тIаме къелло! ТIаьхьа иза валлал дохковаьллера шa цига вахарна!

Оцу шиннан гIир-мир девне ца йалахь а, xIapa гулам гIовгIане берзо боллийла хиъна Аьрсамирза хьалагIеттира:

– Тоийта шиммо а! Солта, хьуна хьайн меттиг ларбан ца хаьа. Хьан ден ден хенара нах бу кхузахь, ткъа хьо даим а царна хьалха гIерта. И хIун тIехбеттамаш бу аьшшиммо бийриш? Вовшашна тIехтохам бан йуьхь йу шуьшиннан? СаьIад, хьо а, Солта, хьо а, сан кIант а, дуьненан хьолах Iехаделла, нохчийн халкъан мостагIчунна, оьрсийн паччахьна дохкаделла, йолах адамаш дайа тIаме даханера. Къийвелча, мацвелча, мацалла вала воьлча, адамаш а дойуш, рицкъа даккха, боху вайга Дала? Ахчанах адам дуьйр дуй ткъа бусалбаналлин цхьа чо шен дегIаца болчу адамо? Цул шаьш йуьртана а, къомана а эхь динийла а хууш, лергаш а таIадай Iе! Кхин цхьа а вист ма хилалаш кхузахь. Iела, ахь алал хьайна хетарг.

Iела, везза хьала а гIеттина, гонна йуккъе а ваьлла, Iасанна тIе ши куьг а диллина, дIахIоьттира. ГIайгIано кхолийна цуьнан сийна бIаьргаш цкъа лаьтта богIабелира, тIаккха меллаша нехан йаххьашна тIехула кхерстира:

– СаьIадан хаттарх сайна хетарг алале, цхьа масех дош ала лаьара суна. Оьрсашца тIамехь да а, воккхахволу ваша а вийна сан. Вешин хIетахь пхийтта шо дара. ТIамах бевдда, орца баханчохь нана а, йиша а йийра. Вешин Аьрзун йалхитта, сан дейтта шо долуш, ден а, ненан а, вешин а, йишин а чIир йекха, оьрсех бекхам эца тIаме вахара тхоьша. Йалхитта шарахь тIом бира охашиммо. Дийна бисинчу эзарнаш нохчийн санна, оцу тIамехь хиллачу чевнийн моьнаш ду сан дегIа тIехь. Оьрсийн паччахьо махкахбаьхна, Хонкара баханчу нахаца цига вахана, даймахка цIа гIоьртинчу нахаца туркойн-оьрсийн дозане кхаьчча, цигахь туркоша вийра сан ваша Аьрзу. Даймахка цIа вирзинчул тIаьхьа, Iедало лаьцна, Сибрех вахийтина со, цигахь ткъе берхIитта шо хан а йаьккхина, диъ шо хьалха цIа веана. Со Сибрех воьдуш, цIахь ши кIант вара сан, цIа веача, воккхахверг ца карийра суна. Иза а тIаьххьара нохчийн гIаттам болуш оьрсаша вийнера. Тхан доьзалера йалх адам дийна оьрсаша, махках а ваьккхина, соьга ткъе берхIитта шо хан йаккхийтина. Дуьненан жоьжахатехь ткъе берхIитта шо хан йаьккхина ас. Оьрсийн халкъера хьал суна девзина. Вайга гIоьрттуш Iазапехь, лоллехь, къен-миска доллу иза. Сан мостагI оьрсийн паччахь а, Iедал а, хьолахой а бу. Уьш бу сан да-нана а, йиша а, вежарий а, кIант а байарна, нохчийн халкъана хиллачу берриг а бохамашна бехке. Цаьрга, сан санна, боккха цабезам хир бац шун цхьаьннан а, цхьана а нохчочун а. Сайн ницкъ белхьара, хIокху махкара паччахьан Iедал дIадоккхур дара ас, паччахь а, хьоладай а берриг а бойур бара ас. Амма ницкъ бац соьгахь а, нохчийн халкъехь а. Вешан дайн, нанойн, йижарийн, вежарийн, кIентийн чIир йоькху, оьрсех бекхам оьцу, маршо йоккху бохуш, леташ, хIаллакьхуьлуш ду нохчийн къам. Хенан йохалла дебаш дац вайн къам, лахлуш, кIезиг хуьлуш ду. Чов кегош, дарйеш хила ца деза, иза йерза йита йеза. Делан цхьа де хир ду керстанан балех вай маршадаха тоьхна. Ткъа оцу къоланаш, талораш, кхин зуламаш дечу наха вайн халкъана диканиг ца до, цара керл-керла бохамаш бо. Уьш Делан дуьхьа а, бусалба динан дуьхьа а, халкъан дуьхьа а ца лела. Сутаралло арабаьхна лела

1 ... 86 87 88 89 90 91 92 93 94 ... 167
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно читать книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров.
Комментарии