Категории
Самые читаемые
onlinekniga.com » Проза » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 76 77 78 79 80 81 82 83 84 ... 167
Перейти на страницу:
бу кхаба безаш доьзалш, пхиъ-итт бер доцуш цхьа а доьзал ма бац. Царна рицкъа ма деза. Цкъа бежанах, старах, говрах хаьдча, йуха уьш дендан масех шо хан ма йеза. Уьш эца ахча ма деза цунна. Ткъа и ахча, даьхни, йалта ца доьхкича, иза кхин тIе дан aгIo ма бац цуьнан. Мухха лол тоьхна а, цо керла дендина даьхни нохчаша дуьгур дац ала, цхьа де а тешаме ца хуьлу… Дукхахьолахь, даьхни дигна а ца Ia уьш. Дохнан да йа Iу воьй, йа гIибаваллалц йеттий, лечу хьоле а воккхий, йа йерриг а шен оьмарна иза заьIап вой, дуьгу. Жа-бажа, говраш станицел арадаьхна дежийлашка дIалахка йиш йац. Говраш а, стерчий а ворданна-гIудалкхана доьжна гIaла, луларчу станице ваха йиш а йац. Тхан дахар а, бахамаш а, дийнахь а, буса а, даим а кхерамна кIел лаьтта. Оцу хьокъехь, масала, тхешан станицера байъинчу а, лазийнчу а нехан цIераш а йазйеш, тхайна дина зенаш-зуламаш а гойтуш, областан начальнике, чоьхьарчу гIуллакхийн министре, Пачхьалкхан Думе кхаччалц тхаьш нохчийн зуламах лардар доьхуш дехар йаздина оха. Амма хIинццалц схьа тхуна хилла гIо дац. Шуьгахь герз ду, нохчех шайн станицаш шаьш ларъе аьлла, жоп делла тхуна цуьнан локхалло инарла Михеевс. Иза ойла ца йеш йа, нийсса аьлча, тхоьгарчу хьолан бала боцуш делла жоп ду. Шуна ма-хаъара, эскарехь гIуллакх дан декхар болу гIалагIазкхий, дукхахьолахь, цIахь ца хуьлу. Масала, японцашца тIом болуш а, революцин шерашкахь а станицашкахь биснарш кхиазхой а, къена нах а бара. Берриг гIалгIазкхий цIахь хилча а, нохчех цара станица муха ларйийр йара? Уьш хьалххе хаам бой ма ца богIу, йа шаьш богIур болу некъ а ма ца буьйцу цара. Дагахь доцчу хенахь, дагахь йоцчу меттигашкахула богIий, тIелета. ТIехула тIе, шайн цIера а, кхаш тIера а белхаш дIa а тийсина, базара а, шайн гIуллакхана дIаса а ца бовлуш, аренашца, некъашца ха деш Iийна а бевр ма бац гIалагIазкхий…

Атаманан къамел дукха дахдала доьлча, гIиллакхехь иза йукъахваьккхира гуламан председатело:

– Станицашкара хьал массарна а дика хаьа, господин атаман. И зуламаш совцо хьайна хIун некъ го, дийцахьа.

– Ца хаьа суна. Ха латто а гIиртина тхо. Цунах а гIуллакх ца хилла. Станицашка йолах болх бан богIу нохчий совцо а гIиртина. Амма оцу тIехь а Iедало гIo ца лоцу тхан. Баккъал а аьлча, цига балха богIу «машаре» нохчий бу и къуй а, талорхой а станицашка кхуьйлурш. Тхуна хетарехь, станицашка богIу некъ нохчашна бехка беза Iедало.

Гуламан дакъалацархой дукхахберш лаьттан а, дохнан а долахой бара, ткъа царалахь а дукхахберш – гIалагIазкхий. ГIумкийн а, ногIийн а хьолахойх цхьа а трибуне хьала ца велира. Хетарехь, уьш кхоьрура нохчийн бекхамах. ГIалагIазкхийн санна, тIеман ницкъ а церан бацара, Iедалан тIома кIел а уьш бацара, цундела уьш тийна-таьIна Iара кхузахь. Говрийн заводан долахочо, гIебартойн хьолахочо, доцца къамел дира, гIалгIаша шайна беш болу ницкъ балхош. ХIокху тIаьххьарчу масех бIешарахь дуьненахь а гIараевлла йара шаьш хIy долийна кхиош йолу говраш. ГIалгIаша талораш деш, дийнна реманаш дIайуьгуш, болх бан а ца дитина, говрийн заводаш дIакъевлина шаьш, бохура цо.

ТIаьххьара а трибуне хьалавелира Соьлжан отделан атаман. Цуьнан къамел буьрса, кхерамаш туьйсуш хилира:

– Нохчашкахьара зуламаш совцо Iедало пIелг пIелгах тоьхна деш хIумма-м муххале дацара, ткъа цкъацкъа цаьргахьа гIо дохуш меттигаш а нисло. Масала, дукха хан йоццуш лаьттан доладаран хьокъехь БуритIа-гIалин Думо кхоьллинчу комиссин дIахьедар схьаоьцур вай. Теркан областан туземцашкахь лаьттан къелла йу, боху цо. ГIалагIазкхаша аренгара дIалаьхкина, нохчий тIулган лаьмнашка, чIажашка боьхкина, боху. Цунах а ца Iебаш, цигара уьш дIа а баьхна, цара гихь латта хьала а дохуш, тIулгийн лаьмнийн тархашна тIехь денйина лаьттан коржамаш шайн долайаха сатуьйсуш бу, боху, гIалагIазкхий. ГIалагIазкхашна ца оьшу и тIулгаш. Далла бу хастам, гIалагIазкхийн долахь шортта латта ду. ХIора боьршачу стеган сина ткъех десятина а кхочуш. ТIаьхьалонна латтош а ду масех бIе эзар десятина. Уггар хьоле, токхе, беркате латта. Шена чохь мехкадаьтта а, дарбане хиш а долуш. И мехкадаьтта доккхурш а, духкурш а гIалагIазкхий бацахь а, цунна тIера йал ло гIалагIазкхашна. Оцу йолах кхоллайелла ворхI миллион сом капитал йу тхан, хIора шарахь стамлуш, пайда луш. Кемсаш, басар доккху ораматаш, даьхни, говраш йу. Хиш ду, чохь шортта чIерий а долуш. Стоьмийн бошмаш йу. Тхуна стенна оьшу оцу нохчийн сагIадоьхургийн тIулгаш? Масех шо хьалха Пачхьалкхан Думехь вайн депутато Масловс нохчашкахьа гIo дохуш, воьлхуш дина къамел дагадогIий шуна? Ткъа вайн цхьаболчу бохкабеллачу йа кIиллочу интеллигенташа зорбанехь хьоькху маьхьарий? Нохчий къеллехь бу, мацалла леш бу, Iедало царна тIехь харцонаш лелайо, и халкъ лоллехь латтадо, бохуш! Тхуна цхьаъ дика хаьа. Нохчий хIокху махкахь мел бу, областехь а, Кавказехь а цкъа а машар а, синтем а хир боцийла. Уьш – зударий, бераш, къенанаш – цхьа а са ца дуьтуш, хIокху махкара дIа а баьхна, Россин къилбаседехьарчу губернешка дIалахка беза. Цигахь масех эзар чаккхарма гондIа тало йурт хир йоцчу. Салазашна жIаьлеш а доьжна, акхарошна толлуш, рицкъа лаха боьлча, тIаккха хуур ду царна къинхьегам хIун йу. ТIаккха йуьтур йу цара шайн аьрха, акха, цIийна сутара амалш. Йа лаххьабелла цигахь хIаллакьхир бy!

Шен кхайкхам зала чохь болчара къобалбина тIеоьцург хиларх тешна атаман, церан йаххьашна тIехула хаттаре бIаьрг а кхарстийна, сцени тIера каде чувоьссира.

Амма ладогIархойх цхьа а вист ца хилира…

4

Нохчийн халкъ шен даймахкара ара а даьккхина, иза Россин къилбаседа губернешка кхалхо идея кхоллаеллера паччахьан правительствон, кхузахь колонизаци йолийча, оцу халкъо шена тIамца дера дуьхьало йечу тIеман хьалхарчу шерашкахь.

Къилбаседа Кавказерчу кхечу халкъийн коьртехь цара хаьржина хьекъале, кхетаме, халкъан кхолламан бала болуш, иза зенех-зуламех, бохамех лардан, къоман барт бан гIерташ доьналле къонахий бара. Нагахь санна и халкъ дакъошка декъаделла делахь а, иштта нах xIора тайпанан, тукхуман коьртехь а бара. Оцу заманан цивилизацина генна тIаьхьадисина, архаични делахь а, халкъо, къобалдина, тIеэцна, массара а кхочушдеш Iадаташ а, Iедал а дара. Оцу халкъаша ладугIура шайн баьччанашка, цара аьлларг а, динарг а, къобалдой, тIеоьцура. Цундела паччахьан правительствона атта хуьлура оцу халкъашца йукъаметтигаш лело.

Ткъа нохчийн халкъан цо лоруш, сий деш, къобалвеш коьрте хIоттийна стаг ца хиллера цкъа а. Йа тайпанашка, тукхумашка декъаделлачу оцу тайпанийн, тукхумийн коьртехь а вацара иштта стаг. Нохчашна ца лаьара шайн хьекъале, кхетаме, оьзда, доьналле къонахий шайн коьрте а хIиттийнa, шайн кхоллам церан кара бала, иштта нах лера а, ларбан а. XIоpa нохчочунна лакхе йезара, коьрталла дезара, мелла а шел хьекъалениг, оьзданиг, доьналлениг, наха мелла а лоруш верг хIаллакван, бехван гIертара. Шена пайде дацахь, йа къоман Iадаташ а, йа

1 ... 76 77 78 79 80 81 82 83 84 ... 167
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно читать книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров.
Комментарии