Категории
Самые читаемые
onlinekniga.com » Проза » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 80 81 82 83 84 85 86 87 88 ... 167
Перейти на страницу:
стоьлах а тоьхна, йукъахваьккхира атаман:

– Цуьнан ойла а йина оха. Хьан куьйгалли кIел дало областера дерриг а эскарийн дакъош а, округийн начальникаш, отделийн атаманаш, участкийн пурстопаш, станицийн атаманаш а. Хьайна эшначохь соьгара бакъо, пурба ца хоьттуш, рота, батальон, полк, бригада а, артиллерин батареяш а дIайига бакъо йу хьуна. Меттигашкарчу администрацешна тIедиллина хьан отрядана транспорт, кхача, говрашна докъар, хIоъ латтор. Цундела хьайна тIедехкина декхарш кхочуш ца дан, ницкъаш бацара аьлла, йа кхин бахьанаш далийна, бехкана кIелхьарвала цхьа а некъ бац хьуна. ХIинца, шун бакъонех дерг аьлча, хьуна оха ло законехь нийса йогIу йерриг а бакъонаш. Шуна бакъо ло лакхахь цIераш йаьхначу йеа округерчу туземни бахархошкара герз дIадаккха Iедалан балхахь болуш герз лело Iедало бакъо йелла боцчу берриг а бахархошкара. ЦIийнах хьовсуш а, некъахошкара а. Ира герз дита мегар ду Iедална хьалха цкъа а бехке ца хиллачу, Iедална тешаме болчу нахехь. Шаьш операци йолайале дIахаийта оцу деношкахь йуьртара арадовлар царна дихкина хилар, разбойникаш къайлабаьхначунна, уьш схьабала, герз схьадала, шайн омра кхочушдан дуьхьало йинчунна, вада, къайлавала гIоьртинчунна шаьш герз тIетухург хилар. Ткъа цхьаболчарна, церан бехке хьаьжжина, гIуданца, долалла дIадаккхарца, набахти чубохкарца, Сибрех бахийтарца таIзарш дийриг хилар. Йукъара аьлча, ахьа а, отрядийн эпсарша а дIа мел боккху ког, олу дош, цкъа хьалха дика ойла йина, гIалатех ларлуш, бехкечарна деш долу таIзар законаца догIуш хила деза. Амма бахархоша Iедало, законо бохург дан дуьхьало йахь, царна къинхетамза, луьра таIзар дан бакъо йу шуна. Отрядийн командираш оха билгалбина, амма цаьрца хIоранца ахь къамел дина, хьо резахиллачул тIаьхьа бен уьш чIагIбеш омра арадоккхур дац. Отрядашка тIеоьцу нах а массо а агIор теллина, вайн гIуллакхна жоп луш хила беза. Уьш къастор а, тIеэцар а хьуна а, отрядийн командирашна а тIедуьллу. Царах жоп а шуьга доьхур ду. Инструкци сан гIоьнчера схьаэца. Хаттарш дуй хьан?

– Дац, хьан локхалла.

– ХIета, Дала аьтто бойла хIара вайн гIуллакх чекхдаккха!

Атаман ца кхеташ, хеттарш дан хIумма а дацара. Инарлас цунна бакъо йеллера, шена луъу бахьана а хIоттийна, туземцашна йетта а, леца а, байа а, йарташ йохо а, йаго а, тало а. Ткъа атаман оцу гIуллакхан воккха говзанча ву, цхьаммо а хьеха ца оьшуш!

2

Инарла-губернаторца къамел хиллачу шолгIачу дийнахь Соьлжа-ГIалахь таллархойн ханна отрядан коьрта штаб а йиллина, цхьа де а тIаьхьа ца тоьттуш, болх дIаболийра Вербицкийс. Отряде лаамхой тIеэцар а, де билгал а доккхуш, официале доцуш, участкийн пурстопашкахула, станицийн атаманашкахула хьалххе дIакхайкхийнера Теркан а, луларчу а областашкахь. Цундела штаб болх бан йолаеллачу хьалхарчу дийнахь дуьйна, тIаьхье ца хедаш, кхуза схьаоьхура отрядехь гIуллакх дан луурш. Йуьхьанца Вербицкий ша вуьйлира уьш тIеэца, амма цхьа-ши де даьлча, и болх битира цо. Цкъа-делахь, оцу балхана дуккха а хан йезара, иза цуьнан йацара, шолгIа-делахь, уьш кхузахь къестош къахьега а, хьекъал а ца оьшура. Схьа мел вогIург хIокху отрядана вича санна вара. Эскарехь гIуллакх дечу хенахь маларе йа кхаьънашка марзбелла, йа шайх тешийна эскаран долалла кехатех ловзийна, йа кхахьпалла лелош гучубевлла доьзалех боьхна, йа кхечу бахьанашца эскарера мукъабаьхна, болх боцуш лела эпсарш, полицейскийш, уголовникаш, мошенникаш, бродягаш, маларчаш, къуй, талорхой бара схьаоьхурш.

Цаьрга хеттарш деш дукха хан а ца йойура штабехь. Массаьрга а хоттуш дерг цхьатера дара:

– Эскарехь гIуллакх деш хиллий?

– ТIамехь дакъалаьцний?

– Революцин бунташ хьошуш дакъалаьцний?

– Герз тоха говза вуй?

Цхьаболчаьрга и хеттарш а дора бахьаненна. Аматашка, сибаташка хьаьжча а хаьара, уьш муьлш бу. Йуьхьа тIехь муо, дукъ кагдина разбаьлла мара, некха тIехь а, пхьаьрсаш тIехь а татуировкаш, къух даьлла накхош. Маларо цIийдина, кIел хIоьънаш хIиттина бIаьргаш. Iаьржа а, можа а баьхьанаш санна йаккхий цергаш. Шимпанзечух тера деха пхьаьрсаш. Царах цхьа битам хилча тоьура и лаамхо отряде тIеэца. Цхьаболчара шаьш эскарехь, полицехь гIуллакх деш а, тIамехь а шайгара девлла хьуьнарш дуьйцура. Оьрсийн-японийн тIамехь дийнна рота йа батальон самурайш, камикадзеш байъинарш, йа дийна йийсаре балийнарш а бара. Полицех, йа балхахь болуш иттаннаш зуламхой лецнарш а бара. Зеламха а, цуьнан обаргийн гIера а хIаллакьйар йа, букъа тIехьа куьйгаш а дихкина, схьайалор шайна хIумма доцург ду, олура. Дерриг а дозуш хир ду ахча дукха-кIезиг даларх. Цара дуьйцург бакъдоцийла хаьара атаманна, амма кхузахь коьртаниг уьш къиза адамаш хилар дара, ахчанах шайн да-нана а дуьйр долуш.

Михеевн пурбанца Вербицкийн наха болх бира набахтешкахь. Таллархойн отрядехь доггаха гIуллакх дан реза болу зуламхой маьршабохура таIзарх.

Таллархойн ханна отряд йерриг а оцу тайпачу, зуламалла цIийх доьллачу нахах вовшахтоьхна йара аьлла, чIагIдар а нийса хир дацара. Дукхахберш ишттанаш белахь а, кхин масех тайпа нах а бара отрядехь гIуллакх дан богIуш. Баккъал а паччахьана, даймахкана доггаха гIуллакх дан лууш богIурш а бара. Нохчаша талораш дина, бахамах бохийнарш а, да, кIант, ваша вийна, бекхам эца, чIир йекха богIурш а бара. Ресторанашкахь самукъадоккхуш, кехатех ловзуш, зударшца сакъоьруш, кисанаш дассаделларш а бара, отрядехь гIуллакх дарца и даьсса кисанаш йуха а дузаре догдохуш. Доцца аьлча, отряде йазвелла хIора а лаамхо кийча вара йолах нохчий байа.

Лаамхо талламах чекхваьлча, йозанца тIелацам бойтуш, куьг йаздойтура цуьнга:

– Цуьнан императорски Воккхаллина а, Даймахкана а, гIуллакхна а тешаме хила, зуламхошна дуьхьал къийсамехь халонашна а, кхерамашна а хьалха йуха ца вала, хьайн ницкъ а, дахар а дIадала, айхьа йамартло йахь, тIеман заманан законашца догIу луьра таIзар хьайна дайта хьо реза ву алий, кхуза куьг йаздел…

Отряде лаамхой тIеэца Соьлжа-ГIалара штаб лара а ца йина, Вербицкийс шен эпсарш дIасахьовсийра БуритIа, Несаре, Хасин-Юьрта, Ставрополе. Цигахь эпсарша къастийнарш штабехь сихха тIеоьцура. Оцу балхо боккха аьтто бира, февраль бутт чекхболуш, дошлойн партизанийн цхьаъ а, гIашлойн кхоъ а отрядаш йуьззина кхолла. Отрядийн командираш а, штабан начальник а, лахара эпсарш а Михеевс чIагIбинчул тIаьхьа, цаьрца хьалхара кхеташо йира атамана. Йа, вуьшта аьлча, областан начальнико шена йеллачу инструкцин буха тIехь ша хIоттийна инструкци царна йовзийтира:

– ХIинццалц схьа хIокху крайхь разбойникашна дуьхьал эскаран дакъоша а, полицис а латтийнарг къийсам бацара, иза лечкъаргех ловзар дара. Разбойникаша талораш дича, стаг вийча, орца олий, тIаьхьабовлура, амма уьш шайн лаьмнашкахь къайлабевлча, йарташна таIзар а дой, йухабоьрзура. Цундела Iедалехьара шайна цхьа а тайпа кхерам боцийла хуу разбойникийн гIеранаш, талораш деш, адамаш лечкъош, дойуш, де-дийне мел дели алсамйуьйлу. Вайн декхар ду, уьш лаьттах боьлча а, стигала бевлча а, царна тIаьхьара ца довлуш, уьш а, царна гIo деш, уьш къайлабохуш, царна тхов луш, кхача луш болу нах а, цхьаъ дийна ца вуьтуш, байъина дIабахарца, хIокху крайхь машар а, синтем а хIоттор. Кхетий шу, цхьа стаг ца вуьтуш, къинхетамза хIаллакбар? Оцу разбойникийн масех тIаьхьенах стагана

1 ... 80 81 82 83 84 85 86 87 88 ... 167
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно читать книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров.
Комментарии